Хьан безам — ду шовда шийла …
Хьан безам — ду шовда шийла
Кхехкачу кху дийнахь мийла
Ас йо хьан ойланаш хийла,
Безамца хьо маракъийла
…
Хьо ца гуш г1елвелла лела,
Вог1ар ву, хин йисте аьлла,
Вог1ар ву, гур яц-те аьлла
…
Нагахь, ахь сунна бакъо лахь,
Сайн кийра хьогах бакъбелла,
Хьо ца гуш сан са гатделла,
Вог1ар ву, хьо йолчу аьлла,
Хьан безаман и шовда мийла,
Хьан безам — ду шовда шийла
Кхехкачу кху дийнахь мийла
…
(c) Бовкаев Асхаб
(помните — копировать строго запрещено!)